Орсийчуьра Danone арайаларх совгIат хилира Кадыров Рамзанан гонахболчарна. Нохчийчоьнан урхалхочун нахана ишта а бизнес дIайохка дагахь хиллера дикка лахарчу мехах. Свобода Радион талламан проекто а, Настоящее Время гIирсан "Системо" а къастийра, церан заводаш иштанехьа ала мегар долуш царна кхачарх. Мах бинчул тIаьхьа оцу бизнеса йукъара кадыровхоша партнераш аратийсира, цул тIаьхьа ахча а, активаш а шайга йерзийра.
Девне нисделира францхойн Danone 2024-чу шарахь Оьрсийчоьнан активаш йукъара арайалар цу хенахь хиллачу тIеман хенаца дуьстича а. Цкъа йуьхьанца Оьрсийчоьнан Iедалхоша францхойн холдингера заводаш схьайехира, цул тIаьхьа Кадыров Рамзанан йишин кIанте урхалла дайта дIайелира. Эххар а "дIайоьхкира" дикка мах охьа а баьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу нахана.
Журналисташна билгалдаларехь, 1 миллиард евро мах болчу бизнесах керлачу долахойн ма-дарра аьлча, хIуммаъ а йала ца дезнера. Danone хиллачу структураша Кадыровн гонна деллачу ахчанах барт а хилла, дирзира гIуллакх. Йоккхачу компанин урхалла дар а башха хьацар доккхуш болх ца хиллера – цуьнан гIулакхаш лелош бу Danone хилла менеджерш. Ткъа керла бевлла долахой оцу йукъанна активаш арайохуш бу.
Шурин леррина операци
"ХIара шо хьуна къаьсттина шатайпа ду", – хаамбира Оьрсийчсоьнан Danone компанино 2022-чу шеран йуьххьехь. Шуьрех тIо, кIалд, нехча а йоккхуш, 122,7 миллиард соьмана (1,67 миллиард долларшкахь) пайда а хуьлуш, пачхьалкхехь уггар а шуьйра хилла компани кечлуш йара "деза терахь" билгалдаккха – Оьрсийчохь ша йолу 30 шо кхачар. Бутт баьлча Украинехь тIом болийра, ткъа Danone хIетахь даздарш дIакхоьхьучохь йацара. Цкъа хьалха компани Оьрсийчуьра арайаккха дагахь бацара, амма 2022-чу шеран гIадужу-баттахь шурин бизнес йита сацам бира цара. Берашна кечйен Danone продукци йукъах ца йоккхуш, шайгахь йита лиънера царна.
Дукха хан йалале Danone активаш эца лууш – миллиард евро гергга мах болу 12 завод – Оьрсийчоьнан агрохолдингашна тIера Iарбойн, китайхойн инвестицин фондашна тIекхаччалц доккха тептар гучуделира. Амма Кремлан кхин планаш йара. 2023-чу шеран товбеца-баттахь Danone компанин Оьрсийчуьра фирмин акциш Путина схьаэцна Росимуществон дола йехира. Ши де даьллачул тIаьхьа "Данон Россия" компанин керла директор хIоттийра – иза вара Кадыров Рамзанан йишин кIант, 34 шо долу Закриев Якъуб.
"Оха цхьаьнгара а хIуммаъ а схьайоккхуш йац", - бехира Путина. Цуьнан версица, Danone шен бехк бара, хIунда аьлча, шайца болх беш болу Оьрсийчоьнан белхахой дIабохур бу бохуш, кхерамаш тийсинера цара.
Шайн бакъонаш шаьш Iалашйийр йу аьлла, дIахьедира Danone долахоша. Амма францхойн компанин карахь хIуммаъ а дацара. "Данон Россия" Росимуществе дIайелла дукха хан йалале, цуьнан цIе хийцира АО "Эйч энд Эн" (H&N – Health & Nutrition йа "Здоровье и питание") аьлла. 2024-чу шеран зазадокху-баттахь Путина йухаийцира Оьрсийчоьнан Danone национализаци йан бина сацам, ткъа Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша дуьйцура, иза йохкар дийцаредина даьлла бохуш. Зорбанийн хаамашца, "50/50" активаш эца дезаш вара Кадыровн изза йишин кIант а, ГIезалойчуьра "Вамин" шурин холдинг а. 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан дакъа дIадухкуш барт тIечIагIбира.
ДоттагIаллин хIилланаш
Оьрсийчоьнан Ӏедалша Danone компанина дуьхьал леррина операци йолайале, кест-кеста Соьлж-ГӀала леста волавелира юьртабахаман министр Патрушев Дмитрий. Формалехь аьлча, Путинца гергарло лелочу кхерамзаллин хьаькаман Патрушев Николайн воккхаха волу кӀант вара нохчийн юьртабахаман пхьармаш толлуш. Амма цуьнан Нохчийчу эхаран бакъйолу Ӏалашо хила тарлора Данонах лаьцна дийцарш дӀадахьар. Цуьнан активаш йохкар тӀечӀагӀдан дезаш дара хӀетахь Патрушев-жимахверг коьртехь хиллачу юьртабахаман министралло, ткъа иза ша а лууш вара шен нахехула бизнесна тӀехь Ӏуналла латтон, йаздора Financial Times газето.
Схьагарехь, Патрушев-жимахволчунна а, Нохчийчоьнан Iедалхошна а карийра йукъара мотт. Ша Нохчийчу лестачу заманчохь лаккхарчу даржхочо хеставора, шен командин декъашхо ву а бохуш, нохчийн куьйгалхочкун йишин кIант Закриев. Цу хенахь махкара йуьртбахаман министраллин коьртехь вара иза. Шена догIучунна, Кадыровс дош деллера шен гергарчу кIантана "хIуьттуш долу хеттарш луьстуш" гIо дийр ду ша а, Патрушевс-жимахволчо а бохуш. Ткъа тIаьххьарчунна йукъ-кара совгIаташ дора.
2023-чу шеран мангал-баттахь Патрушевс-жимахволчо Закриевна совгIат дира "Оьрсийчоьнан агроиндустрин комплексан сийлахь белхахо" цӀе а луш. Цул тӀаьхьа цхьа бутт баьлча Кадыровн вешин кӀант хӀоьттира Оьрсийчоьнан Данон компанин куьйгалхо. Оццу хенахь Францерчу компанин куьйгалхойн берриг а векалш компанин директорийн кхеташона йукъара арабевлира, ткъа церан меттигаш дӀалецира Кадыровн гонера наха а, юьртабахаман министраллера Патрушев-жимахволчун куьйгакIел хиллачу Скворцов Владимира а, ГIезалойчуьра "Ваминан" долахочо Мингазов Минтимера а.
Цхьана заманчохь Патрушевца Нохчийчу листина Мингазов хилира Данонан Орсийчуьра активаш эца луушверг 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь. Формалехь дакъалоцуш вацара и барт бечу хенахь Кадыровн йишин кIант, хIунда аьлча, 2023-чу шарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш йара цунна дуьхьал йаьхна.
Амма бакъду, дукха хан йалале Мингазовс йоллу "Эйч энд Эн" йитира Алисултанов Русланна, и ву хьуна йуьртбахаман министраллехь а, мэрихь а Закриевн гIовс хилла. Телефонаш чохь дIайазвина ву иза Закриевн "гIоьнча", "машенлелорхо" аьлла. Хаттарш деш "Вамине" дахьийтинчу кехатна Мингазовс жоп ца делира.
"Эйч энд Эн" ("Данон Россия" хилла йолу) компанин куьйгалла а листира. 2024-чу шеран аьхка Мингазов а, Патрушев-жимахволчун верас Скворцов а директорийн кхеташона йукъара аравелира, ткъа пхеа меттигахь йиъ дIалецира Кадыровна герга болчу наха.
Возуш воцу цхьаъ бен воцу директор висира Данон йукъара араваьлла Нидерландашкара Каппетти Чарли. Закриевга кхачале Оьрсийчуьра активийн куьйгалла деш вара иза, Financial Times гIирсан хаамашца, официалехь а доцуш, кадыровхой бахкинчул тIаьхьа а, шен дукхахдолу декхарш кхочушдора цо. Коьрта менеджерна бонусаш лур йу элира, нагахь санна, "маса компани йукъара ара ца валахь", дукхахберш "хьалха а санна белхаш беш бу тхана а", дийцира "Системе" Оьрсийчоьнан Данонан куьйгаллина герга йолчу хьасто (шен цIе къайлайахьа лиира цунна, зорбанан гIирсашна комментареш йала хьакъ вина цахиларна).
Шайн хиллачу белхахошца зIенехь йу Парижера Данонан офис, йаздира Financial Times-а. Францера Данон компанино а жоьпаш ца делира "Системина".
Шайн бизнес Кадыровн нахана дIалучу хенахь францхоша цхьацца хIуманна тIехь цара бохург дина хиллера.
Iаламат пайден хьелаш
Барт хилале масех бутт хьалха хаамийн гIирсашна цхьана агIор хиъна хиллера, Данонан активаш оьцуш йу аьлла, цIе йаьккхинчу "Вамин Р" фирмин директоро хьалхатеттина билламаш. Йуьртабахаман министре Патрушев Дмитрийга дахьийтинчу кехата тIехь (и далийнера Financial Times-о) дара эцархой кийча бу 17,7 миллиард сом мах бала аьлла. Оцу йукъанна аналитикаша мах хадийра Данонан 60-80 миллиард сом аьлла, царна хIиттийна хьелаш а Iаламат эвсара ду бохура.
И барт беш дакъалаьцначу компанийн хаамашца, Данон реза хилла базарахь доцчу хьелашна. Ткъа кхин а алсам – кхин а 100 миллионна охьабевлла хила тарло уьш, 17,6 миллиард соьмах (барт хуьлучу дийнахь 193,6 миллион доллар) заводаш йохка реза а хилла.
Муха, хьан охьадиллина и 17,6 миллиард? Financial Times-ан хаамашца, оцу ахчанах 7,7 миллиард сом "декхарна" хьажийна хилла, ткъа дисинарг Данонан декъах дIаделла. "Системо" зийначу чоьташ тIехь а цунах тера сурт го. Цу тIе декхар такхар шена тIелаьцнера "Эйч энд Эн" компанино (тоххара хилла "Данон Россия"). И бохург хIун ду аьлча, "Вамин Р" фирма оьцучара охьадиллина Данонах 9,9 миллиард сом.
Тхуна чоьташ тIехь гинарг хIун ду?
"Эйч энд Эн" компанин финансийн дӀахьедаршкахь йаздина ду, 2024-чу шарахь компанино Оьрсийчоьнан бюджете 6,025 миллиард сом ахча дӀаделла аьлла. Хетарехь, хӀара дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Ӏедалша бизнес йухкучу хенахь кхечу пачхьалкхашкара бахархошкара гулйеш йолчу "эксит-налог" олучу хӀуманах лаьцна. Трансакци дӀахьочу хенахь ахчанан барам 15% бара бизнесан механа тIера. Цу кепара, йерриг а "Данон Россия" компанин мах хадийна 40 миллиард сом аьлла.
Цу тIе "арадовлуш охьайуьллу йасакх" йелла ца Ӏаш, Оьрсийчоьнан Ӏедалша декхаре бо кхечу пачхьалкхашкара бахархой 50-60% мах охьа а боккхуш шайн бизнес йохка. Danone компанин бизнес эцнарш бара 56% дисконт хир йу аьлла тешна, йаздора Financial Times газето. И дисконт а, 40 миллиард мах хадор а тидаме эцча, Данонан тӀаьххьара мах хила безаш бара 17,6 миллиард сом. Иза бӀе миллион кӀезиг ду Financial Times газете "лечкъийначу" кехат тӀера ахчанал (17,7 миллиард сом). Financial Times гIирсе кхаьчначу кехатца, бIе миллионна лахара бу и мах (17,7 миллиард сом).
"Эйч энд Эн" компанин кехаташца гуш ду, шо хьалха Данонан структурашна гергахь хиллачу 8 миллиард гергга декхарх 2024-чу шарахь компани дIацIанйелла хилар. Ткъа "Вамин Р" фирмин кехаташа гойту, 2024-чу шарахь фирмо "Эйч энд Эн" компанин акцешна йукъатоьхна хилар 9,9 миллиард сом.
Декхар дIатакха ахча хиллачух тера ду "Эйч энд Эн" компанин. 2023-гӀа шо чекхдалале йеккъа цхьана компанино гулдинера 20 миллиард сов ахча. Ткъа барт хилале бархI бутт хьалха бен регистраци йина йоцчу "Вамин Р-на" мичара даьллера и ахча? Компанин финансийн дӀахьедарша гойту, 2024-чу шарахь цо "Эйч энд Эн"компанин цхьана фирмера 11,3 миллиард доллар кредит эцна хилар. Гучудаьлларг ду, эцархошна Данонера йоккха дисконт хилла ца Ӏаш, коьртачу декъана цу компанин чоьтах ахча дIаделла хилар а. Вуьшта аьлча, кадыровхошна активаш маьхза кхаьчна йу-кх. Цуо цхьана декъехь кхетадо, Данон компанино и йохка-эцаран барт бахьана долуш хилла дерриг а зен 1,2 миллиард евро аьлла мах стенна хадийна.
ЦIеналла а, оьздалла а
Данонан низам лардарна цхьа бахьана хила тарло. Францин компанин тахана а йу Оьрсийчохь берашна кхача кечбеш йолу завод. Данонна ца лаьара шурин бизнесах гуттаренна а дӀакъаста, иза йухаэца аьтто хиларх тешна йара иза. Кхеташ дац, кадыровхошца оцу кепара биллам бийцаребан аьтто хилла йа ца хилла. Цу хьокъехь "Системин" дехарна жоп ца делира Данонан урхалло.
Данонан заводийн карарчу хенахь волчу долахочо Алисултанов Руслана чӀагӀдора, францхойн аьтто хир бац Оьрсийчоьнан бизнесе йухабахка, бохуш. Оцу юкъанна "Эйч энд Эн" компани "кхиамца дIаийна шен балхаца", бохура нохчочо. Оцу проектехь а Кадыровн йишин кӀентан куьйгакIел ву иза, коьрта директоран гIовс санна.
Керлачу долахойн каракхаьчначул тIаьхьа хIинццалц схьа хилла хьалхара меттигаш ца боху цу индустрехь. Доллу жамӀ а телхина, хIунда аьлча, Данонна тIехь дисина берийн кхача кечбар бизнеса йукъара даьккхина. Амма 2024-чу шеран хьесапашца, "Эйч энд Эн" компанино беш болу пайда совиккхинера тIом балале хьалха хиллачу гайтамел а. Кадыровн тобанан кхин цхьа кхиам лара мегар ду хьалалан стандартаца сурсатийн сертификаци йаккхар.
Оцу йукъанна, 2024-чу шарахь "Эйч энд Эн" компанин чоьташ лахйелира 18,6 миллиардана, ткъа компанин фирманаша кест-кеста йаккхий займаш йала йолайелира куьйгаллехь болчу цхьацца нахана (2023-чу шарахь 1 миллиард сом, 2024-чу шарахь 1,6 миллиард). Кхин цхьаъ шеконе операци хета комани йукъара логистикан бизнес дIайаккхар.
Кадыровхой бахкале Оьрсийчоьнан Данонан шен долахь транспортан компани а йара. Цуьнан штатехь болх беш вара эзар сов стаг, автопаркехь йара 400 машен, церан партнер хиллера америкахойн логистикан GXO Logistics гигант. Данонан ахсов бохург санна мохь дIасакхоьхьура транспортан компанино, дуьйцу цуьнан куьйгаллина гергарчу хьасто. 2023-чу шарахь царна хилла пайда бара 6,9 миллиард сом ($81 млн), цунах 6,2 миллиард Данонан хиллачу структурийн дара.
Оьрсийчоьнан Данон Алисултановга кхаьчначу хенахь, америкахой арабевлира йукъарчу логистикан бизнесера, ткъа цуьнан директор хIоттийра Соьлжа-ГIалин вахархо Вагапов Шемал. 2024-чу шеран лахьан-баттахь цхьаъ бен воцу долахо хилира цунах, хьалхо Данонан а, GXO-н а хиллачу танспортан компанин. Олийла дуй-те, Вагапов Кадыровн йишин кIентан рогIера верас ву? Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхаллехь Закриев волчу заманчохь, цуьнан хьехамча вара Вагапов, ишта белхаш бина цо Закриев Соьлжа-ГIалин мэрихь волуш а, йуьртабахаман министр волуш а.
2025-чу шеран чиллан-баттахь, "Шамиль Пом Якуба" аьлла, телефон чохь дIайазвинчу Вагаповн ойла хилира дахначу шерашкахь гулйина са йекъа. Дивиендаш йу аьлла, ша шен кисана диллира цо 400 миллион сом ($4 млн).
Вагапов веанчул тIаьхьа Данонан хилла транспортан компанин цIе хийцира "Аппиа лоджистикс" аьлла, бренд а хийцира. Компанин коьрта беснаш хилийтира кIайн а, цIен а. Реклама йечара бахарехь, цIен басо дIагойту "лидерийн амбицеш", ткъа кIайчо – "сирла ойланаш, цIена йукъаметтигаш, оьздангалла".
Danone, GXO, "Эйч энд Эн", "Аппиа лоджистикс" компанеша жоьпаш ца делира шайга кхехьийтинчу хеттаршна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун администраци а цхьана дахьийтинера кехат "Системо".